Нохчийн меттан де!!!
20.04.20151аламат лакхарчу т1ег1анехь д1адаьхьира Жимачу Атаг1арчу № 3 йолчу школехь 1 – 8 классашкахь Нохчийн Меттан Де даздар. Цу классашкахь дира диллина классни сахьташ.
Цхьаммо а ца къуьйсуш, дахаран бакъдерг ду, шен мотт боцуш къам хуьлуш цахилар. Къам хиларна коьрта билгало ю мотт. Дерригенан бух бу и. Мотт боцуш хуьлийла дац къоман культура, литература, оцу къоман шен г1иллакх. Иза д1абаьлча, лар ца бича, довш ду къам. Иштта, дуьненна а вевзачу оьрсийн воккхачу яздархочо Л.Н. Толстойс яздина: «Нохчийн мотт уггар хазачу а, хьал долчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь». Вай нохчий ду, ду – нохчийн мотт вай мел буьйцу. Цундела вайх х1ораннан а сийлахь декхар ду вешан ненан мотт ларбар. Амма мотт ша-шаха 1емаш бац, ша-шаха ларлуш а бац. Цундела иза бийца беза шен чохь доьзалшца, арахь нахаца, 1амо, кхио беза, оцу маттахь йолу киншкаш ешарца, газеташ, журналаш яздарца. Тахана вешан мотт 1амо цхьа а дуьхьало яц вайна. 2007 – чу шеран 25-чу апрелехь Нохчийн Республикан Президента, куьг яздеш, ч1аг1дина «Нохчийн Республикехь меттанийн хьокъехь» долу Нохчийн Республикан Закон. Ч1ог1а мехала Закон ду иза. Россин а Нохчийн Республикан а конституцешца дог1уш х1оттийначу оцу Законо, оьрсийн маттаца цхьатерра бакъо йолуш, пачхьалкхан мотт аьлла, д1акхайкхош бу нохчийн мотт. Цундела цуьнан бакъо ма ю пачхьалкхан т1ег1анехь лелочу документийн, кхечу кехатийн мотт хилла лела а. Закон т1еэцна де (25-г1а апрель) Нохчийн Республикан Президентан Указаца Нохчийн меттан Де ду аьлла, д1акхайкхина а ду. Оцу акташца (меттанийн хьокъехь Закон а, Нохчийн меттан Де кхайкхоран хьокъехь Указ а) т1еэцарца республикан куьйгалло нохчийн мотт кхиорна, ларбарна, баржорна т1ехьажийна бечу белхашна шуьйра некъ ма белла.
Дуккха дешархоша д1айийишира ненан маттах лаьцна стихаш.
Масех оьрсийн поэташ нохчийн маттах лаьцна дийцинарг довзийтира.
Цу хьокъехь, яздархочун Кацаев Сайд-Хьасанан дешнаш далийра 5 классан куьйгалхочо:«… Вай вовшашка оьрсийн мотт бийцар, кехаташ яздар, книгаш ешар а, къамелехь оьшу дош оьрсийн маттахь сихо кардар а – вайна оьрсийн мотт дика хааран, я бийца и атта хиларан билгало яц. И вайна вешан нохчийн мотт цахааран билгало ю».
Нохчийн маттахь деша ца хаар – дозалла дац, эхь ду.
Мел дийцарх к1ордор а доцуш, дийцина ца валлал дукха ду вайн нохчийн хаза г1иллакхаш. Царех цхьадерш довзийтар классан куьйгалхоша.
Дуккха а беламе, забаре дийцарш а довзийтира цо берашна. Бераш ч1ог1а самукъане д1асакъаьстира.
Ткъа шайн классни сахьташ кху дешнашца дерзийра хьехархоша:
Кхидолчу къаьмнашна шайнаш а санна,
Нохчашна шайн мотт а сов хьоме бу.
Нагахь хьо ца ваг1ахь хьайн халкъацанна,
Хаалахь, декъазниг, хьо цхьалха ву.
Дала лардойла вай, ненан мотт бицбина, дакъаза довларх! Дала т1аьхье беркате йойла!